12+  Свидетельство СМИ ЭЛ № ФС 77 - 70917
Лицензия на образовательную деятельность №0001058
Пользовательское соглашение     Контактная и правовая информация
 
Педагогическое сообщество
УРОК.РФУРОК
 
Материал опубликовала
Муслимова Хадижат Хож-Ахмадовна48
Россия, Чеченская респ., Курчалоевский район

Презентация «Нохчийн доьзалан дахарехь ден хила йеза меттиг»

«Нохчийн доьзалан дахарехь ден хила еза меттиг». Выполнили: студенты(ки) 1-го курса Подготовила:Муслимова Х.Х-А

Ден хьехар. Дас цхьа хьехар дина суна: -Адамашца ваза гlорта. Цаьргахь ма ду дика, Вон а. Амма дика хир ду шорта. Вониг хьайна гена таттахь.

Де-ца йола йукъаметтиг маьллаъ лар йа йезаш йу. Х1унда аьлча: Вайн дайшкара схьа дог1уш хаза г1иллакхаш ду вайна. «Нахана йукъахь Дас шен бер ца хьастар. Бакхийчарна хьалха шен бер т1е ца ийзадар».

Г1иллакхний, хьеставаларний юкъахь йоккха башхалла ю, цунах лаьцна т1аьхьо дуьйцур ду, цкъачунна, деца лелон дезарг дуьйцур  вай. Да чу веъча, к1ант дег1 нисдеш хьалаг1атта веза, могашалла а хоттуш, хьалха вистхила веза. Ша лелош дерг, шен кхид1а лелон 1алашо ерг а, дийца деза. Цкъа дийцича ца волу, х1ора дийнахь дийца деза. Хаалаш, дена к1ордор дац шуна, цо ч1ог1а сагатдо шен беро лелочунна, иза схьа ца гайтарх. Цхьанхьа воьдуш, х1оккху-эцца воьду ала деза, ц1а ван хьелуш велахь а хаам бан беза, кху заманчохь иза хала а дац – телефонаш ю массаьргахь а. Цхьанхьара ц1а веъча, «дада, со ц1авеа, керла х1умма а дуй вайгахь, дег1о са-м ца гатдо?». Могаш воцуш велахь: «Муха ву хьо? Х1ун кхоллур яра ахь?» – масане ду уьш, хаза дешнаш, дена там хуьлучу аг1ор аьлчахьана. Д1авижале т1ех1отта веза, буьйса декъал еш. Цхьаболу кегийрнаш белабала там бу (сайниш а цхьана), и пайдабоцу х1уманаш-м ца лелийча а дацара х1умма а, аьлла. Хаалаш, кегийрнаш, пайда боцу х1уманаш дац шуна уьш, царна т1ера д1адолалуш ду шуна шадерг а. Шаьш даккхий а хилла, дай а хилла д1ах1иттича хуур ду шуна иза. 1еламнаха Делан дош ду боху: «Стаг шен деца-ненаца ма-хиллара, хуьлуьйтур бу Ша цуьнца цуьнан  доьзал а». Иза вайн дахарехь билгалдийлина х1ума ду, цхьаммо а шена т1е ца лацахь а. Шен да ца лоруш волу стаг, нахана а стаг ца хета.

В Коране говорится: وَوَصَّيْنَا الْإِنْسَانَ بِوَالِدَيْهِ إِحْسَانًا حَمَلَتْهُ أُمُّهُ كُرْهًا وَوَضَعَتْهُ كُرْهًا (الأحقاف، 15) Смысл: «Я завещал человеку, т. е. обязал его во всех отношениях - помочь, быть полезным для родителей, ведь мать с трудом носила его в своём чреве до рождения и с мучениями родила его» (Коран, 46:15). 2. Человек всегда должен молить Аллаха о прощении грехов своих родителей, просить Всевышнего быть милостивым по отношению к ним. В Коране говорится: وَاخْفِضْ لَهُمَا جَنَاحَ الذُّلِّ مِنَ الرَّحْمَةِ وَقُلْ رَبِّ ارْحَمْهُمَا كَمَا رَبَّيَانِي صَغِيرًا (الإسراء، 24) Смысл: «Пожалей их, будь перед ними скромным, простым и покорным, и проси: «О мой Господь Аллах, смилуйся над моими родителями так же, как они проявили милосердие ко мне, воспитывая меня в детстве, когда я был маленьким!» (Коран, 17:24). 3. Нельзя совершать ничего, что показывало бы, что ты обижен на них, нельзя повышать на них голос, необходимо говорить с ними мягко, вежливо, смиренно и стоять перед ними с чувством милосердия. Это нам велит Коран в 23 аяте суры «Аль-Исра»: إِمَّا يَبْلُغَنَّ عِنْدَكَ الْكِبَرَ أَحَدُهُمَا أَوْ كِلَاهُمَا فَلَا تَقُلْ لَهُمَا أُفٍّ وَلَا تَنْهَرْهُمَا وَقُلْ لَهُمَا قَوْلًا كَرِيمًا (الإسراء،23) Смысл: «Если один из родителей или оба достигнут старости, то не говори им: «Уф!» - не кричи на них и обращайся к ним почтительно» (Коран, 17:23).

Хууш ма-хиллара, адам Дала  х1окху лаьтта, шен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна белла кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а белла вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина.  Нохчийн г1иллакх – оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха. Г1иллакх-иза адамашавовшашца Лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман, чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла ДАЛЛА ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар ду. Оьздангалла дуьхьалд1а х1ора стеган леларехь, амалашкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю. « Г1иллакх ялсаманерасхьадеъна», ялсаманедухадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна» Г1иллакх - динан ах ду. (Г1иллакх довзийтарх а цатоьа, нагахь и лелош ца хилча)

"Да валар – тхов т1екхетар, нана ялар – ц1а бухдалар, ваша валар – аг1о чубахар, йиша ялар – кор дохар." МАЬ1НА: Кху кицанехь юьйцу деца а, ненаца а, вешица а, йишица а хуьлуш йолу юкъаметтигаш.. Гуттар а цхьаъ хилла лаьттачу нохчийн доьзална, мел хала хуьлу гергарчу нахах къастар, бохург ду иза. Цул сов, кицано гойту вайн дахарехь ден а, ненан а, вешин а, йишин а долу дакъа. "Дечкан велахь а, да тоьлу, б1ег1аган елахь а, нана тоьлу." МАЬ1НА: Да-нана мел ледара делахь а, мел хала амал церан елахь а, уьш лара беза, бохург ду иза. Доккхачу дуьнен чохь мел дукха лехарх, цаьргахь болу къинхетам болуш стаг карор вац вайна. Цундела аьлла ду цу кицанехь дех-ненах аьлларг. "К1антана – x1y лаха, йо1ана – цу лаха." МАЬ1НА: К1антана зуда лохуш коьрта хилла иза хьенан ю , муьлхачу тайпанах схьаяьлла ю хаар. Иштта хьожуш хилла, йо1 маре луш волу к1ант муха ву а, цуьнан ц1е муха йоккху а, иза вехар волуш ву я вац а.

Ден безам   Дас безам шен Махке белла… Геналло хьагийна вог1уш Геннара идош ц1а кхехьна. Б1аьрг тоьхча гу лекхчу волий Махкана со ваца велла, Даймахко шен мара къовлуш, Шена ирс эхартахь лехна. Дас санна, со хьосту хьоме. Со тахна, ден весет лардеш, Даймехкан кхерчахь сайн веха. Цуьнга сан безам а ч1аг1беш, Соьца ден ойланаш еха.   Бераллехь сайн ненан карахь, Набарна лецначу г1енех… Цхьа аьхна 1аламан марахь Воккхавоь Даймехкан б1аьвнех.