12+  Свидетельство СМИ ЭЛ № ФС 77 - 70917
Лицензия на образовательную деятельность №0001058
Пользовательское соглашение     Контактная и правовая информация
 
Педагогическое сообщество
УРОК.РФУРОК
 
Материал опубликовал
#
Аккаунт удалён

Презентация "День Чеченского языка"

Подготовила учительница начальных классов МБОУ «СОШ № 2 с.Серноводское» Бахарчиева Седа Мусаевна

Об объявлении Дня чеченского языка Указ Президента Чеченской Республики от 11.05.2007 N 207 В целях сохранения, совершенствования и дальнейшего развития чеченского языка, повышения его роли в развитии чеченской культуры и самобытности: 1. Объявить 25 апреля - день подписания Закона Чеченской Республики "О языках в Чеченской Республике" - Днем чеченского языка. 2. Указ Президента Чеченской Республики от 15 апреля 2005 г. N 90 "Об объявлении Дня чеченского языка" отменить. 3. Настоящий Указ вступает в силу со дня его опубликования. Президент Чеченской Республики Р.А.КАДЫРОВ г. Грозный 11 мая 2007 года N 207

«Шен Ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь, Цу халкъан парг1ато. Цхьаммо а хьошур яц.» Иштта яздина Мамакаев Мохьмада  Ненан маттах лаьцна! Мамакаев Мохьмад Амаевич (1910-1973)

«Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а. Ткъайоьссалг1ачу б1ешарехь ваьхначу Кавказан этнографа воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара иштта аьлла вайн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш ч1ог1а хьалдолуш бу».

« Оьрсийн гоьваьллачу яздархочо Л.Н. Толстойс иштта хастаме дош аьлла вайн маттах:  «Нохчийн мотт уггаре хьалдолчу а, мехалчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь хьуна кхоччуш дика хууш белахь».

Гоьваьллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара аьлла ду: «Ненан мотт - иза халкъан юьхь ю, орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац.  ХIора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а, хууш а хила веза. Iамадейша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа хьалха шайн ненан мотт Iамабай, оцу маттахь яздан а, деша а Iамадай…» Абузар Айдамиров

Ненан Мотт Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь. "Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!- Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь. ЛадогIа цкъа соьга, "хьекъале корта", ЛадогIа, яккхи дIа лергара потт: Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш, МостагIче вистхуьлуш -- ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и,шех хуьлий хьан деган мерз! Мерза бу, моз санна, ша безачунна, Ламанан шовданал цIена бу и. Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга, Услара даггара хестийна и. БIешараш хийла а ихна и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу. Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш Даиман ша хилла нохчийн мотт бу. Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийла Далхадеш, къийсамна гIиттина цо. Нохчочун майралла, оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь екийна цо! Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна, Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу. Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна, Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха ву!

Нохчийн маттах кицанаш Вина мохк мазал мерза бу. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо. Воккхачо аьлларг дайна дац. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. Нанас йина чов лаза ца лозу.  Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт. Нохчийн маттахь ду кхин д1а а хаза а, к1оргера маь1на йолуш кицанаш.